«Тест по чеченскому языку «Нийсаниг харжар» 7 класс»
Тест «Нийсаниг харжар» 7класс Диалог а, цуьнан кепаш а.
1. Шина адамо вовшашца дечу къамелах олу: а) монолог; б) диалог; в) предлог.
2. Диалогехь х1ораммо дечу къамелах олу: а) реплика; б) тактика; в) практика.
3. Масех адамо вовшашца дечу къамелах олу: а) предлог; б) къамел; в) полилог.
4. Диалог дукхахьолахь лаьтташ хуьлу: а) дийцарх, айдарх; б) хаттарх, жоьпах; б) кхетарх, аларх.
5.1илманехь диалоган билгалйоху кепаш ю: а) 5 ( пхиъ); б) 3 ( кхоъ); в) 4 ( йиъ).
6. « -Воккхачун некъ ма хадабелаш, бераш. -Дика ду, Резида Алиевна» диалоган кеп ю: а) т1едилларан; б) г1иллакхан; в) кхеторан .
7. «-Кхин юй вайн олимпиада? -Х1аъ, ю» бохучу диалоган кеп ю : а) дагаваларан; б) хаттаран; в) г1иллакхан.
8. «-Суна девашас бохург нийса хета. –Суна а хета» бохучу диалоган кеп ю: а) дагаваларан; б) т1едожоран; в) хьехаран.
9. «-Ирс долуш хуьлда хьан ! - Дела реза хуьлда! » бохучу диалоган кеп ю: а) дехаран; б) хаттаран; в) г1иллакхан.
10. Диалогера предложени схьаяьккхича хуьлу: а) маь1нех кхетар воцуш; б) аларехь атта долуш; в) дешнаш жимлуш.